ББС: Иракъера а, Шемара а Оьрсийчуьра зударий а, бераш а цIадерзоран болх сецна
Цкъачунна цIабарзо аьтто боцуш Иракъехь дуьсуш ду дай-наноша "Исламан пачхьлкхах" дIакхета боьлхуш Оьрсийчуьра дIадигина лаххара а 25 бер. Оьшуш долу кехаташ доллушехь БагIададерчу набахтехь латтош ду уьш.
Иракъера а, Шемара а зударий а, бераш а цIадерзоран болх сецира 2017-чу шеран ГIура-баттахь. Тамашийна хIума ду иза хилла хилар, цу гIуллакхана Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира гIортор йинчул тIаьхьа, яздо ББС-но.

