Эзарнашкахь тутмакхаш маьршабохур бу Оьрсийчохь
Цо бахарехь, керла низам хьакхалур ду таханалерачу дийнахь набахтехь волчу хIора а 5-чух. Бакъду, дукхахйолчу меттигашлахь, оцу сохьта арахоьцур бу бохург дац иза: тутмакхийн чохь яккха йисина хан яцйийр ю.
"Керлачу федераплан низамца а догIуш, тутмакхийн цхьана декъан хенаш охьайохур ю. Ткъа маьршаваккха лерина ву царех, тхан зерашца, 14 эзар стаг", - аьлла, билгалдаьккхина Максименкос.
Лецна латточара чохь даьккхина цхьа де цхьана дийнан эха дийнан барамехь лоручу низамна куьйгъяздира карарчу беттан юьххьехь.
Бакъду, низаман дакъа ца кхочу террорхойн артиклашца бехкебинчарна.