Iожалхочо динчу эккхийтарехь 40 стаг велла Шемахь
![Iожалхочо динчу эккхийтарехь 40 стаг велла Шемахь](https://gdb.rferl.org/AF3A2176-925A-43E5-807C-EAD360C3C21D_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
40 гергга стаг велла, кхин а оццул лазийна Шемарчу Эс-Сувейд гIалахь а, цунна гергарчу ярташкахь а динчу лелхийтаршкахь. Шеман пачхьалкхан хаамийн гIирсашна тIе а тевжаш, Рейтерс агенталло бина и хаам.
Террорхоша-Iожалхоша дина лелхийтарш. ГIалин базарна уллохь нисделла цхьа эккхийтар.
Хетарехь, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобано дина и зуламаш.