Нохчийчоь билгалъяьлла бераш дуьненчу дукха довларца
![Нохчийчоь билгалъяьлла бераш дуьненчу дукха довларца](https://gdb.rferl.org/8DE20151-CB77-4E42-9F69-A6F923FDFFCA_cx0_cy6_cw0_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан Росстатан статисташа рогIера демографин терахьаш хааме даьхна. Цара бахарехь, йоллу Оьрсийчуьрчу регионашлахь Нохчийчоь цхьаъ ю бераш дуьненчу дукха довларца билгалъяьлла.
"Стохка Нохчийчоь йоцчу Оьрсийчоьнан боллу мехкашкахь бераш даран терахьаш лахара гойтура", - аьлла ду Росстато шен официалан сайтехь динчу йозанехь.
Статистийн зерашца, стохка Нохчийчохь дуьненчу даьлла 31 355 эзар бер.