ДаIишхойн символика яржорна бехкейина Соьлжа-ГIалара зуда
"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн билгало социалан машанарчу шен агIон тIе оьллина Соьлжа-ГIалара зуда кхеле хIоттийна. Интернет машанахь мониторинг еш прокуратуран белхахошна хааелла "ВКонтакте" олучу машанехь магийна йоцу символика оцу зудчо яржор.
Административан гIуллакхан артиклца а догIуш, я 2 эзар сом гIуда, я чохь даккха 15 дей, буьйсий догIу цу зудчунна.