World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Муха хилла Яндиев Асланах "террорист"

Деркач Анвар

Словакино Оьрсийчоьне дIавеллачу Яндиев Асланна гIелоярна кхоьру бакъоларъярхой


Братислава реза ца хилла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин мухьажирашкахула йолчу кхеташоно гIалгIа Яндиев Аслан Оьрсийчоьнан каравала мегар дац аьлла бина сацам кхочушбан. Бакъоларъярхоша бахарехь, боцу бехк бу цунна тIехьерчош.


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин кхеташоно Яндиевна экстрадици ян дихкира бутт хьалха. Словакера адвокат Опетт Лукас вара цунна сагатдийриг. Юьхьанца мехкан юстицин министралла реза хилира Кхеташонан сацам кхочушбан, амма тIаьхьо хийцаелира цуьнан ойла.


СагIадаран "Vayfond" юкъаралло (Швеци) шолгIа адвокат а лецира Яндиевна. Амма аьтто ца белира стаг кIелхьараваккха. Оьрсийчуьрчу а, Европерчу а бакъоларъярхойн, юристийн, журналистийн дехаршка ла ца доьгIна Братиславерчу Iедало – тоьшаллаш дац Яндиев зуламхо хилар гойтуш, Оьрсийчоьно боцу бехк тIекхоьллина цунна бахарх ца хилла гIуллакх.


Муха вина Яндиевх "террорист"


Къилбаседа ХIирийчу йогIучу Пригородный кIоштахь ваьхна шен доьзалца зоотехник Яндиев Аслан. Цигарчу полицино 2006-чу шарахь ша набахте кхачийначу кхаа гIалгIачо динчу зуламан декъахь ву боху иза.


Буьйцурш бу террорхой бу аьлла, ехха хенаш а тоьхна маршонах баьхна нах – Хадзиев Iумар, Оздоев Iалихан, Цуров Рустам. Яндиев Асланан вашас Тимура дийцарехь, оцу кхаамма шайн кхел йоьдучу муьрехь дIахьедина, шайгара етташ даьхна дареш, шаьш гIело кхин лан а ца елла,  ехира хIуманна а бехке воцчу шиннан цIерш, аьлла – Несарарчу  Гасаев Мурадан а, Яндиев Асланан а. Оцу кхаамма Европан кхеле а хьажийна шайна гIелоярх лаьцна арз. Иштта "вина" Яндиевх зуламхо.


 Бер долуш дуьйна а виллина цомгуш ву иза, лоьрашна тIелелийна даима а. Я цхьанхьа а тIом бина а вац", - элира "Кавказ.Реалиига" Яндиев Тимура.


Кхаа ХIирийчуьрчу гIалгIачо шайца зулам деш хилла аьлла хьахийна Гасаев а лаьцна, гIелонехь кхебира ницкъхоша, амма бехк тIе ца эцна цо шена – и бахьана долуш, даккха хIума а ца хилла, дIахецна. Iедалан карара воллушехь ведда, Францехь веха мухIажиран статусца.


"Мемориал", "Гражданское содействие" ("Юкъараллера гIо") ю Яндиевна орца дохуш. Цара бахарехь, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьалхачул а дукха хьоьшу тахана, волуьйтур вац Яндиев бехках мукъа.


Официалера йоцчу информацино Яндиев Аслан шен доцчу кехаташца ваьлла боху махках. Цуьнан нанас дийцарехь, Словакехь массийттаза тховкъело ехна цо, иштта дехна гIо Швейцарига а, Белгига а. ТIаьххьара а низамхоша Словаке кхачийча, цигахь шен цIарца ехна тховкIело, амма  лаьцна, 7 шарахь валлийна набахтехь.


Шозза Европан кхеле цунна экстрадици цаяйтар дехна  адвокато Опетт Лукаса, шоззе а юхатоьхна дехар. Амма Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин хьукмато ца магийна Словакина гIалгIа Оьрсийчоьне дIавала. Юхьанца юстицин министралла резахилла Яндиев махкахь сацо, амма юхаяьлла тIаьхьо шен сацамах.


"Vayfond" юкъараллан векална Садулаева Аминина хетарехь, политика юкъайоьлла Яндиевн гIуллакхна – Братиславехь кхушеран бIаьста Iедале баьхкинчу хьакамаша бина и карчам.


Даима а хуьлуш дерг


Яндиевн гIуллакх – кхидерш саннарг ду, боху Садулаевас. "Иштаниг нислуш хуьлу, къаьсттина Германехь. Тхоьга сов тIаьхьа кхаьчна долу Албаков Адаман экстрадицех дерг а ду иза. Оцу стагна дуьхьал харц тоьшаллаш даьхнийла гора юрист воцчунна а, немцойн Iедална а. Амма Германи тийшира Албаковна Оьрсийчоьно кхел нийсонца йийр ю бохучух.


"ЦIавигинчул тIаьхьа Албаковх хилларг хууш дац", - элира Садулаевас.


"Мемориало" а, "Гражданское содействиено" а дагалоьцу Яндиевца доьзна ша динчу дIахьедарехь Польшера 2015-чу шарахь Оьрсийчу юхахьажийна нохчо Жамалдаев Зоврбек.  Москох кхаьчча тIепаза вайра иза, хилларг къайленехь дисина.


Яндиев, ФСБ-но яржийначу видеоно тоьшалла дарехь, дIакхачийна Москох. Цигара вуьгур ву Къилбаседа ХIирийчу.


"Талламаш бар а, кхел  яр а, официало ца хаийтахь а, кхузахь хир ду, гарехь, " – элира "Кавказ.Реалиига" Яндиев Тимура. ГIарадевллачу девнашкахь дакъалаьцна волу адвокат Сабинин Андрей резахилла Асланан агIо лаца, цуьнан вашас хаамбарехь.


Сабининца къамелдира "Кавказ.Реалино". "Со цкъачунна девна юкъа воьлла вац, сайн клиент а ца гина суна, Талламан комитете сайгара белхан тоьшаллаш а ца кхачийна ас дIа. Коьртаниг – Яндиевс соьга низамо хьоьххучу кепехь гIо деха дац. Девнан хьокъехь журналисташца суна юкъарло лело бакъо а ю цо яла езаш", - билгалдаьккхира Сабинина.


Словакин юстицин министралло цомгуш волчу Яндиевна экстрадици ярца бина харжам ца богIу юстицига корматталло доьхучуьнца, аьлла даржийна цхьаболчу юристаша. Иштачех ву Кубанан университетехь профессор лаьттина, ткъа карарчу хенахь Украинехь тховкIело карийна веха Савва Михаил. Цунна хетарехь, "дуккха а мехкашкахь бу политикаца бозабелла хьаькамаш, Яндиев "басаевхо" ву боху Оьрсийчуьрчу хьостанаша, цхьаммо а даре дина дацахь а, Словакина иза тоьана".


Савва цецвуьйлу Словакино Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхеташонан сацамна дуьхьало ярх. Иза бакъоларъярхошна "тоьхна тIара ду, дуьхьало ца яхь, тешнабехкаш алсам а бевр болуш", - элира политолого.


 

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Знай наших!!!

При содействии ОМОН Росгвардии пресечена деятельность нарколаборатории в Подмосковье

Бастрыкин заинтересовался пожаром в Подмосковье, в котором погибло три человека

Синодик опальных: сколько на самом деле было жертв Ивана Грозного неполный

Музыкальные новости

Ресторатор Дарья Полыгалина представит главную рюмочную Петербурга «ЦаЦа»

«Как ты мог?»: Бакальчук записала обращение к мужу после стрельбы у офиса

Участники Молодежного сообщества ВЫЗОВ взяли интервью у выдающихся деятелей России

Росгвардия обеспечила безопасность футбольного матча в Дагестане

Новости России

Капитальный ремонт трех домов завершают в подмосковных Мытищах

Ульяновский певец записал новый трек с артистом-миллионником и покорил Эльбрус

Бастрыкин заинтересовался пожаром в Подмосковье, в котором погибло три человека

Синоптики озадачены расчетами прогноза погоды на октябрь

Экология в России и мире

N°21, коллекция весна-лето 2025

«Граф Монте-Кристо» выходит в России при поддержке Relax FM

По местам сказов Павла Бажова

Jil Sander, коллекция весна-лето 2025

Спорт в России и мире

Качмазов обыграл Дэниэла и вышел в 1/4 финала турнира ATP в Чэнду

«Это очень лёгкое чувство». Даниил Медведев — об ощущениях перед началом Кубка Лэйвера

Теннисистка Камилла Рахимова поднялась на 73-е место в рейтинге WTA

Tennis.com: Бывший тренер Шараповой и Мыскиной Роберт Лэнсдорп умер в возрасте 85 лет

Moscow.media

Решение DCLogic повысит безопасность и эффективность шахт

«Граф Монте-Кристо» выходит в России при поддержке Relax FM

Замдиректора школы, где подросток напал на учеников и педагогов, задержан

Спрос на доставку малогабаритных грузов вырос в два раза за полгода – «Деловые Линии»







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *