Кегийрхой лецна Куьршалахь
![Кегийрхой лецна Куьршалахь](https://gdb.rferl.org/01BE95DE-D3BB-49CC-9E22-AC1B41E2BED7_cx0_cy4_cw0_w800_h450.jpg)
Наркотикех кхетта Куьршалара 17 жимстаг дIалаьцна аьлла, хааме даьккхина махкарчу "Грозный" телехьожийло. Полицин декъа балийначу массара а пайдаоьцуш хилла чIогIа ницкъ болчу молханех, чIагIдо меттигерчу телеканало. Кхетош-кхиоран хьехамаш бан дIалецнарш балош баьхкинчарлахь вара кIоштан администрацин куьйгалхо Кадыров Хьамзат (мехкан куьйгалхочун вешин кIант).
Динан векалша а, ницкъаллийн структурийн белхахоша а кхи дIа белхаш бийр бу кегийрхошца.
Нохчийчохь наркотикаш лелораш лецна меттигаш кест-кеста Iорайоху.