Австрига шайна депорт цаяр доьху нохчаша
![Австрига шайна депорт цаяр доьху нохчаша](https://gdb.rferl.org/a6a8866c-129b-41d0-baa6-96ee3a464cde_tv_w800_h450.jpg)
Европерчу пачхьалкхаша, шерашкахь "ойла еш" а Iай, тховкIело ца луш, даймехкашка хьийсабо мухIажирш. Цхьаберш булу шайна йинчу депортах, дIатарло цIерачу Iедал кIел баха, амма бац и некъ кхечарна. Оьрсийчу юха а хьовсийна, шайн даймахка, Нохчийчу, дIа а кхачале байнарш а, дIакхаьчначул тIахьа хIаллакбинарш а бу Европера депорт йиначаралахь. Австрига, цо цIахьажо кечвеш, лаьцна кхобу ши нохчо махкахь витар деха кечлуш бу меттигера мухIажирш.