Курхалла лелорна бехке бина "Чеченфильм" студин белхахой
Цо дийцарехь, "Чеченфильмерчу" продюсерша юха ца делла Iедало шайна делла ахча.
Иштта "Чеченфильм" студина 2011 шарахь, Чехов Антонан дийцар бухе а диллина, "Тоска" кино яккха делла хилла 21,9 млн сом. Ахча схьаэцна, амма кино ца яьккхина. 2014-чу шарахь суьдо декхарелахь йина хилла "Чеченфильм" ахча юхадерзо. Цул тIаьхьа стди йоьхна.
ТIаьхьарчу шерашкахь Нохчийчуьрчу киноца боьзна болчу а, боьзна боцучу а Iедалхоша дIахьедарш дора, иттаннаш кинош яха дагахь ду шаьш бохуш.