Москох полисхочунна тIелеттачу стеган могушалла толлур ю лоьраша
Талламан комитето бинчу хаамца, карарчу хенахь талламхой къасто гIерташ бу хилларг а, зулам дар бахьана а. Цу юкъахь ду и жима стаг са цакхетачу хьолехь хилла хила мега бохург а. Талламхоша дийцарехь, лаьцнарг чекхвоккхур ву суьдан-психиатрин лоьрийн талламах.
Билгалдоккхуш ду цо урс диттина чевнаш йина полицин белхахо цхьанаэшшара юккъерчу хьолехь хилар.
Хьалхо хаам баьржинера, полисхочунна тIелатар динарг Нохчийчуьра схьаваьлла 17 шо долу Бериев Илес ву аьлла.
ДIадаханчу пIераскан дийнахь хилла ю и инцидент.