Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

"ТаIалахь, кисана а таIайе, луъург вен а ве". Оппозицина духьал – наркотикаш

Воронин Иван, Маршо Радио (оьрсийн сервис)

Минеральные Воды гIалара жигархо Савостин Михаил политикан тутмакх лору бакъоларъяран "Мемориал" центро. Наркотикаш "лелорна" лаьцначу цунна 10 шаре кхаччалц хан тоха тарло. Цунна боцу бехк дуьхьалбаьккхина аьлла хета "Мемориална". Дуьххьара воьдуш вац Савостин ницкъхойн кара.

Охан-беттан 5-чохь, буса, сацийна полицино Савостинан машен. 11-13-чу деношкахь Вильнюсехь хуьлучу "Маьрша Оьрсийчоь" форуме кхача дагахь, накъостца аэропорте воьдуш хилла иза. Талламчаша бахарехь, ша сацочу муьрехь жима тоьрмиг аракхоьссина цо - машенан тIехьарчу чкъурга кIел карийна 105,22 грамм кIомал. Цуьнана кисанара а яьккхина "Э" центран белхахоша 11,69 грамм изза коьчал.

Амма адвокаташа кхечу кепара довзуьйту оцу буса хилларг. Некъа воьдучу Савостинан машенна хьалха микроавтобус кхоьссина, чуьра аралилхина туьтмIаьжгашкахь нах. Куьйгаш тIехьа а дихкина, оцу автобус чу вигина иза, "кисанашца бозбуанчалла лелийна", цул тIаьхьа охьа а воссийна, шен машенна тIе вигина, цигахь "карийна" наркотик – чкъурга бухахь а, хечин тIехьарчу кисанахь а.

Кавказан къаьмнийн ассамблеян кхеташонан а, "Минеральные Водерчу халкъан вече" юкъараллан а декъашхо ву Савостин. Бизнесан бакъонаш къуьйсуш схьавогIу иза кху шерашкахь. 2013-чу шеран харжамашкахь, Немцов Бориса накъосталла а деш, "Парнас" партин цIарах Железноводск гIалин мэр ваха а гIоьртира иза.

Протест кхайкхош, бутт хьалха мацалла лецира Савостина. Оццу деношкахь иза лаьцна латто магош йолу хан а яхйира кхело.

- Цо критика йора, гуламаш вовшах а беттара, оцу бахьаница репрессеш латтайо цунна тIехь. Цуьнан бизнес а йохийра Iедало. Оппозицехь вара иза, амма муьлхха а оппозици харц ю ала дац, талла догIу. Оха теллина, цхьаъ делахь, "Маьрша Оьрсийчоь" форуме ваха, аэропорте кхача араваьлларг, шеца а, машен чохь а наркотикаш а эцна гIур вац. Иза туьйранах тарло. Цу тIе, "Э" центр а гIаттийна, дIаяьхьна операци. ГIалаташ девлла ницкъхошкара: тоьрмигаш тIехь яц Савостинан пIелгийн лар, яц и лар цуьнан цIийца а, ткъа иза бехкево наркотик  узуш лелорна. Иза бехк боцуш хьийзаво. Ставропол-махкахь, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а санна, Iедалхойн амалехь ду нахана наркотикаш кхийсар. Нохчийчохь, Ставропол-махкахь дуьххьара деш дац иштаниг, цундела оха Савостин политикан тутмакх лору, - боху "Политикан тутмакхашна  гIо" цIе йолчу "Мемориалан" программин куьйгалхочо Давидис Сергейс.

Бакъоларъяран "Мемориал" центран куьйгалхочо Черкасов  Александра Маршо Радион шеца хиллачу къамелехь дагаяхкийтира Бехктакхаман кодексан 228-гIа артикл Iедална резабоцучарна дуьхьалъяьхна метттигаш:

- Советан Iедал гIолехьа дара. Шен мостагIий охьатаIош политикан артиклаш яра цуьнан. Цо оцу зуламийн могIара хIоттийнера вахархочун резавацар – "Советан Iедална дуьхьал пропаганда", "Iедална духьалвалар" аьлла яра артиклаш, чу а уьш а юьйцуш вуллура. Бакъду, хIетахь а нислора наркотикаш бухакхуьйсуш. Ткъа хIинца санна даьржина дацара. Луларчу Нохчийчохь йиллина "йоху" Iедална резабоцучаьргара наркотикаш. Цигахь кхаа жигара юкъархочунна ехира уьш дуьхьал. Iедало магийна а доцуш, депортаци дагалоцу конференци хIотторна Кутаев Русланна, тIаккха – дозуш доцчу "Кавказан Узел" газетехь болхбеш хиларна цуьнан коррепондентна Гериев Жалавдинна, хIинца - сан коллегина Титиев Оюбна. Оцу кхаанна а - бух а боцуш, бехк тIекхуллуш.  Кхелашкахь дуьззина гойтуш а дара иза, тIе ца эцнехь а.

Черкасовна гарехь, Титиевн кхел а ю оццу лорах йоьдуш. "Нохчийчоьно, цигарчу полицин хьаькамех цхьаммо массех шо хьалха ма-аллара, ловза а ца бо шена цабезарш (интернетехь ю оцу къамелан видео) – "таIалахь, кисна хIуъа а таIае, лаахь, вен а ве, вайн паччахьо аьлла-кх иза, валлай аьлла-кх". Бакъдерг дийца вай, 228-гIачу артиклца хьовзамаш боху нахана. Наркотикан цхьа доза ду дукха хьолехь политикан духьалончашкахь полицина "карориг". Iедало шеца мостагIалла леладора олий, официалехь чу ца вуллу стаг, амма наркотик кхуссу иза къарвеш. Иза еккъа цхьана Кавказехьа  дац, ерриг Оьрсийчухула яьржина практика ю иза.

- ХIун хьал ду Титиевн кхелехь?

- Титиев Оюбан кхелехь кху муьрехь иза лаьцна полисхой бу лебеш. Шозза лаьцна Оюб – цкъа лаьцча, гIалаташ дитина Iедалхоша, хаьттина Титиевс: "Аш муха лоцу, тешаш а боцуш?" ТIаккха, дIа а хецна, лоррах бахана, юха а лаьцна полисхоша – шозлагIа, тешаш а болуш лаьцна. Хьалха а санна, ша хиллачохь "карийна" наркотик а. Кхеле кхайкхина 70 полисхо, амма массара а хаарцдо Титиев шозза лецира бохург!

Шеларчу кIоштан кхело карара шо доьрзуче кхачош, дIаяхйина Титиев лаьцна латто мега хан. Адвокаташа хьовха, президентан гонехь адамийн бакъонийн тергоечу Москалькова Татьянас а, Федотов Михаила а дехча а ца магийна Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело Титиевн дов кхечу регионехь листийта. Титиев мукъваккхар дехнера хьалхо Оьрсийчоьнан Инарла прокуратуре Европан Кхеташонерчу адамийн бакъонехула йолчу комиссин куьйгалхочо Миятович Дуняс а.

Читайте на 123ru.net


Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Белоусов сохранил гражданский чин и не стал генералом

«Период возможностей и обновления»: как обернуть кризис среднего возраста в свою пользу

Росгвардия задержала устроившего стрельбу во дворе Балашихи мужчину

Правоохранители задержали жителя Реутова за убийство соседа

Музыкальные новости

До плюс 50 градусов: Каким городам России грозит аномальная жара летом 2024 года. Опубликован список

«Восход», Тинькофф Банк и Альфа объявили о совместном pre-IPO фонде в секторе tech на 4 млрд рублей

Обманул сына, бросил жену в 90 лет и потерял дочь: яркая жизнь Бедроса Киркорова

На ВДНХ открылась цифровая фотовыставка "Счастье. Материнство или карьера!?"

Новости России

Баскетболисты из Лобни завоевали золото на турнире Moscow Open

На мотофристайл-шоу в Зарайске побывали более 5 тысяч зрителей

Сыровар в Лахденпохском районе начал развивать сельский туризм

Недобросовестного собственника земель в Красногорске привлекли к ответственности

Экология в России и мире

Тысячи активистов разгромили офис Socar в Стамбуле, обвинив «Азербайджан» в поддержке геноцидальной политики Израиля в Палестине

Улыбка сделала слушателя «Юмор FM» миллионером

Волжский нарцисс - Плес

3 детские зубные щетки "Ревилайн" по цене 2 в магазине "Ирригатор.ру" ко Дню защиты детей

Спорт в России и мире

Бывшая российская теннисистка спела гимн Франции: «Я здесь дома»

Мирра Андреева впервые вышла в четвертьфинал турнира Большого шлема

Азаренко не смогла выйти в 1/16 финала открытого чемпионата Франции по теннису

Прямая трансляция матча Рыбакиной с победительницей четырех "Больших шлемов"

Moscow.media

Для строительства участка Приморского кольца в Калининградской области ищут подрядчика

Дизельный, рамный, с блокировками. Новый внедорожник скоро появится в России

У «Грузовичкоф» появился чудесный чудик

Терминал сбора данных (ТСД) промышленного класса SAOTRON RT42G







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *