1200 гектар латта лелхачу хIуманех цIандина Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а
Оьрсийчоьнан Къилба тIеман гонерчу минанаш дIайохучу инженерин тобанаша Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а лелхачу хIуманех цIанйина 1,2 эзар гектар территори. Коьртачу декъана уьш ю лаьмнашца а, хьаннашца а йолу меттигаш.
Болчу хаамца, сапераша, кара а ийна, кхераме йолчура дIаяьккхина 4 эзар 200 сов сов эккхаза йисина мина а, фугас а.
Карарчу хенахь болх беш ю саперийн 4 тоба. Лелхачу хIуманех шина республикан территори цIанъяр дIадерзор ду кхушара Лахьанан-баттахь.
Ерриг а сапераша талла езаш ю 1,4 эзар гектар территори.