Титиевн кхелехь лебина тешаш
![Титиевн кхелехь лебина тешаш](https://gdb.rferl.org/89D0EEFA-03D2-498D-8951-AB4BCDBB1B0F_w800_h450.jpg)
Шеларчу гIалан кхелехь Титиев Оюбан дов хоттуш рогIера кхеташо хилла. Левина 9 теш. Уьш берш Куршлойн-кIоштарчу полицин декъан белхахой бу.
Тешаш чIагIдора, шайна Титиев цкъа а гина а вац, шаьш иза лоцуш дакъа а ца лаьцна бохуш. Амма хаттарш луш гучудаьлла тешех цхьаъ бакъонашларъярхочуьнан гергара стаг хилар.
"Мемориалан" Соьлжа-ГIаларчу офисан куьйгалхо Титиев лецира кху шеран Дечкен-баттахь. Цуьнан белхан накъостий тешна бу, долийна гIуллакх бух боцуш хиларх. Бакъонашларъярхочо чIагIонаш йо, наркотикаш полисхоша тийсина ю шена, бохуш.