Кулинарин конкурсехь нохчийн даар къастийна
![Кулинарин конкурсехь нохчийн даар къастийна](https://gdb.rferl.org/e3aa1b8c-676d-42a2-8afa-997f1b0d5769_tv_w800_h450.jpg)
Кху деношкахь гуьржийн "Рустави 2" телекомпанино дIакхайкхийна уггар а чомехь кхача къастош дIаяьхьнера. Гуьржийчоьнан говзанчаш бара цигахь, шайн къоман тоьлла даарш къовса гулбелла. Европан мехкашлахь уггар а чомехь кхача бу аьлла, билгалъяьккхинчу 48 пачхьалкхашлахь Италина а, Францина а, Испанина тIаьхьа йогIуш ю Гуьржийчоь шен чомехьчу хинкалица, хачапурица, сацивица, чахохбилица. Делахь конкурсехь толам баьккхина нохчийн жижиг-галнаша.