Оьрсийчоьнан шпион хилла Iамеркан векалаллехь болх беш
Iамеркин дипломатин миссехь болх бинчу белхахочуьнан цIе йоккхуш яц. ЧIагIдеш ду и зуда балха эцна хилар Iамеркан къайлахчу сервисо. Цу зудчуьнан тIекхча аьтто хилла векалаллан чоьхьарчу зIенна а, электронан почтана а.
Газетана хетарехь, шпионна хууш хилла къайлах болу хаамаш, шайна юкъахь президентан Трамп Доналдан а, вице-президентан Пенс Майкан а визитийн графикаш а йолуш.
The Guardian-о хаам барехь, оьрсийн зуда стохка балхара дIаяьккхина, Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисан имидж ца йохо, дукха дIаса а ца хьехош.