Якутехь гIалгIачуьнгара деши а, дети а даьккхина
![Якутехь гIалгIачуьнгара деши а, дети а даьккхина](https://gdb.rferl.org/71C2E887-82E5-4229-9EF7-3B769B20FAB8_w800_h450.jpg)
Якутехь лаьцна ГIалгIайчоьнан вахархо, Iедалца догIуш доцуш 67 миллион соьманна деза металл лелорна, хаамбо ТАССС агенталло.
Хьостан информацица, 56 шо долу и стаг лоцуш цуьнан машенчохь гучудаьлла 29 кила деши а, 2,8 кила дети а. Кхело набахтехь даккха ши шо хан кхайкхийна цунна.
Схьадаьккхина деши а, дети а пачхьалкхан доладаьккхина.