Соьлжа-ГIалин 200 шо кхачале биъ урам тобан тIелаьцна шахьаран мэро
Мухьаммад Iелин проспект а, Эсамбаевн, Орзамиевн, Назарбаевн урамаш а карладохуш белхаш болийна аьлла цо. 427 хIусамна хьалхара некъаш а, тротуараш а, берийн а, спортан а майданаш а кечйийр йолуш ю.
ХIусамийн керташ, вогIу-воьду меттигаш а битаме ялош 1 миллиард 295 сом ахча гIур ду. Карарчу заманчохь 50 процентна белхаш бина бу аьлла мэро.