Оьрсийн набахтехь леш воллу украинхойн режиссер Сенцов Олег
"Со кхеташ яц, кхи хIун дан деза, иза муха араваккха веза набахтера. Ледара хьал ду", - аьлла Сенцовн йишас.
Аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан Iалашо хилла аьлла, бехкевина, Оьрсийчоьнан кхело набахтехь даккха 20 шо тоьхна украинхойн режиссерна Сенцов Олегна.
Ша бехкехилар тIе ца дуьту Сенцовс. Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйна мацалла кхайкхийна цо, оьрсийн набахтешкара Украинан политикан тутмакхаш маьршабахар тIе а дожош.
Де дийне гIеллуш ву иза, масийттазза дIакхайкхийра цо, мацалла юкъахйоккхур яц ша тIаьххьалц бохуш.