Путинан цIарах дзюдон центр йоьллур ю Соьлжа-гIалахь
![Путинан цIарах дзюдон центр йоьллур ю Соьлжа-гIалахь](https://gdb.rferl.org/432EA19B-6127-4C5A-9839-FC52456D7185_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Соьлжа-ГIалахь йина йолуш лаьтта ши шо хьалха йолийна Путин Владимиран цIарах дзюдон центр.
Карарчу заманахь корпус хьалайоьттина бовлуш лаьтта белхалой, цул тIаьхьа гIишлон чоьнаш куьце а ялийна, гIирс дIахIоттийчхьана довлу аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен "ВКонтактерчу" агIонехь.
Ши шо хьалха дуьххьара тIулг буьллуш хIоттийначу бараме веанчу мехкан куьйгалхчоо дIахьедира, пачхьалкхехь а уггар тоьллачех хир йолуш ю комплекс, дуьненаюкъарчу стандарташца юста а йиш йолуш, аьлла.