Туркменехь журналисташ хьийзор емалдина Маршо Радионо
![Туркменехь журналисташ хьийзор емалдина Маршо Радионо](https://gdb.rferl.org/9C155F00-EEF6-4740-A3CE-06237D8C28F5_w800_h450.jpg)
"Маьрша Европа/Маршо Радио" медиакорпораци тIетов, адамийн бакъонашкахула йолчу ООН-н комитето Туркменин журналист Мурадова Огулсапар яларх жоьпалла Iедалхошна тIехь ду аьлла, бинчу сацамна. "Бакъонашларъярхойн организацеша динчу жамIашна тIе а тевжина, Мурадован кхалхар политикан зулам ду аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацино бина сацам оха къобалбо", - аьлла Маршо Радио медиакорпорацин президенто Кент Тома.
Оцу юкъанна президенто билгалдоккху, цул тIаьхьа 12 шо даьлча а, Туркменехь журналисташ, шайлахь Ачилова Солтан а, Непескулиев Сапармамед а, Язмухамедов Ровшен а, Аллашов Худайберды а волуш, Iедалхоша хьийзош хилар, шайн профессионалан декхар кхочушдарехь новкъарлонаш еш. Кента кхайкхамбо, журналисташ маьрша болхбан бита аьлла.
Мурадова Огулсапар бакъонашларъяран "Туркменин Хельсинкин фонд" организаци кхоьллинчех яра. 2004-чу шарахь дуьйнна Маршо Радион туркменхойн сервисехь болх беш яра иза. 2006-чу шарахь лецира иза, Iедалхоша тIаьхьо шпионаш леринчу францхойн журналисташца къамел хиллачул тIаьхьа.
Бакъонашларъярхоша даредарца, хIоттийна протокол а доцуш, дуьхьалбаьккхина бехк а боцуш лаьцнера иза. Цунна тIе ца буьтура я адвокаташ а. Ашхабадехь къевлинчу неIаршкахь дIадаьхьира цуьнан довхаттар. Шена дохку бехкаш тIе ца дитира журналисто. 2006-чу шарахь набахтехь елира иза, къастазчу бахьанашца. Цуьнан дегIа тIехь дуккха а чевнаш хиллера, гергарчара бахарехь. Туркменин Iедалхоша шаьш бехке дац элира Мурадова яларна.
Политикан бух болуш лерира бакъонашларъярхоша цунна дуьхьал Iедалхоша айдина гIуллакх.
Кху беттан 3-чу дийнахь ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу комитето Туркмени бехке ю аьлла, тIечIагIдира, Мурадована тIехь къизаллаш а лелийна, иза ерна.