Оьрсийчоьнна Европан кхеле арздина Украинас
Киево Москох бехкейо, адамийн бакъонийн Конвенцин артиклаш ца ларарна, доккхачу декъанна, къизаллаш ца лелаяйтар, шена хетарг алар дехкарх. Байначу беттан чакхенехь Европан кхело кхайкхамбира оьрсийн Iедалхошка, украинхойн режиссерна Сенцов Олегна оьшшу дарба кхачаде аьлла. Лабытнанши гIаларчу колонехь Сенцовс мацалла кхайкхийна Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйна.
Карарчу хенахь Европан кхеле Оьрсийчоьнна дуьхьал пхи латкъам бина Украинас. Шиъ - аннекси йинчу ГIирмехь адамийн бакъонаш хьешарх ю, кхоъ Донбассерчу хьолах лаьцна.
Оьрсийчоьно масийттазза дIахьедира, шайн пачхьалкхехь политикан тутмакхаш бац, зуламан кодексан гурашкахь лецнарш бу аьлла.

