Венехь яйна 14 шо долу нохчийн йоI
2004-чу шарахь йина йолу Шишани араяьлла кху беттан 13-чохь Iуьранна шаьш дехачу Венерчу петарара. Цу хенахь дуьйна яйна цуьнан лар.
Венерчу полицино дIасадаржийна лоьхуш йолчу йоьIан сурт.
Цкъачунна Шишани Малякан кхолламах лаьцна кхаьчна бац цхьа а хаам.

