ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь
![ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь](https://gdb.rferl.org/A28AC975-9E0A-4D95-BD1B-F47FE54A423C_w800_h450.jpg)
ГIурбан Денца доьзна мукъа денош кхайкхийна Нохчийчохь. Цу хьокъехь омра арахецна республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнца а догIуш, кху беттан 20-гIа а, 21-ра, 22-гIа а денош мукъа хир ду Нохчийчохь.
Хьалхо республикерчу муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас видеохаам бинера ГIурба дийр ду Марсхьокху-беттан (Август) 21-чу дийнахь аьлла.