Магомаевн безамна кхоьллина «Орфей» къовсам болалуш бу Соьлж-ГIалахь
![Магомаевн безамна кхоьллина «Орфей» къовсам болалуш бу Соьлж-ГIалахь](https://gdb.rferl.org/B22DF937-46DF-457D-8B70-B834BA21B9EC_w800_h450.jpg)
«Орфей – 2018» эшаршлакхархойн къовсам болалуш бу Соьлж-ГIалахь. Изу дуьххьара беш а бу, Советан Пачхьалкхан халкъан артистан Магомаев Муслиман безамна кхоьллина а бу.
Соьлж-ГIалара кхаа денна лерина и къовсам дIабоьдуш бу шина номинацехь: цхьаммо я тобано йиш лакхарехь.