Нурмагомедов а, Макгрегор а латаре хьажа чувуьту билеташ дIасадохкина 3 минотехь
![Нурмагомедов а, Макгрегор а латаре хьажа чувуьту билеташ дIасадохкина 3 минотехь](https://gdb.rferl.org/B6411861-64A9-49F8-A1D6-0852FFFC5EB5_w800_h450.jpg)
Iамеркин Лас-Вегасехь хин долчу Нурмагомедов Хьабибан а, Макгрегор Коноран а UFC 229-н коьрта латаре хьажа чувуьту билеташ дукха сиха доьхкина девлла. Цунах лаьцна хаам бина Dublin Live зорбанан хьастано.
Болчу хаамца, билеташ декъна хилла механ 11 тайпане – 205$ тIера 2205$ кхаччалц. Уьш дIаэцна кхо минот ялале.
Ши спортхо летар волу T-Mobile Arena ю 20 000 адам чутарлуш.
Нурмагомедов а, Макгрегор а, летар ву ГIадужу-беттан 6-чу дийнахь.