Оьрсийчоьхь роуминг дIайоккхур ю гергарчу 11 дийнахь
«Вымпелкомо» роуминг дIаяккха йолор ю тахана дуьйна, МТС-а иза дIайоккхур ю кху беттан 30-чохь, ткъа «Мегафоно» - Гезгмашин-беттан 1-чу дийнахь. Tele2 мобилан операторан векалша хаам бина шаьш и болх дIаберзор бу кху беттан 31-чу дийнахь аьлла.
Кху шарахь Товбеца-беттан 10-чу дийнахь Оьрсийчоьнан Госдуман депутаташа тIеийцира Оьрсийчохь роуминг дIаяккхарх лаьцначу низаман проект