Схьакарийна Соьлж-ГIалахь вайна ши шича
"И шиъ Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан РОВД-хь хилла. Тхан хьастанаша бинчу хаамца, гергарнаш 2-3-зза чекхбелла хилла массо а (полицин) дакъошкахула. Амма массанхьа а олуш хилла МасаровгIара шайгахь бац, оццу Заводан кIоштарчу РОВД-хь цхьана", - Vayfond инстаграмерчу агонехь яздина.
Болчу хаамца, карарчу хенахь ши шича дехьаваьккхина цу шинан прописка йолчу Серноводскерчу полицин декъе.
Масаров Расул а, Масаров Iадлан а лоьхуш вара гергарчара кху беттан 12-чу динахь дуьйна. Синтем байначу гергарчара ши жима стаг схьалохуш гIо дехнера полице.