Кадыров: Церан Iалашо яра ГIурбанан дезаде кхоло
Полицин белхахой сема хиларна и нах цу Iалашоне ца кхаьчна аьлла, хета Кадыровна. Цуьнан версица а догIуш, цхьана стага ша эккхийтина, амма иза, дийна а висина, дIакхачийна ву дарбанан хIусаме. Шелахь лазийна ву ши полисхо, Соьлж-ГIалахь а лазийна некъан полицин белхахой.
Кегийрхой галбаьхнарш "иблсовцаш" бу, амма хиллачо гойту республикехь царна гIортор йоций, боху Кадыровс.
Соьлж-ГIалахь а, Нохчийчохь а хьал маьрша ду, чIагIдо Нохчийчоьнан куьйгалхочо.
РИА Новости агенталло бинчу хаамца, Соьлж-ГIалахь герз диттина вийна полисхо. Цул сов Соьлж-ГIалахь тIе машен тоьхна лазийна некъан полисхо. Машенлелорхо вийна герз диттина.
Шелахь вийна ши стаг. Цу шимма, полицин ши белхахо а лазош, арсашца тIелатар дина Шеларчу полицин декъана.
Мескер-Юртахь вевзаш воцу стаг иккхина полицин постана уллехь. Иза велла. Кхин вийна-ваьккхина стаг вац.
Цу кепара цкъачунна болчу хаамашца, вийна лаххара а тIелатар дина 4 стаг. Полисхошна юкъахь 1 стаг вийна, лаххара а 3 лазийна.
"Исламан пачхьалкх" тобано шена тIелаьцна Нохчийчохь оршотан дийнахь дина тIелатарш, хаам бина France Presse агенталло, цу тобанан агIончаш дечу дIахьедаршна мониторинг ечу SITE хьастана тIе а тевжаш.