Зорбанан гIирсаш: Полисхошна масийтта тIелатар дина Нохчийчохь
AnnaNews сайто дийцарехь, Mercedes-на урхалла деш хилла стаг вийна. Иштта вийна цу машена чохь хилла 11 шо долу кIант а.
Машенлелорхо мила ву хиъна, боху Кавказ.Реалиино. Иза ву 17 шо долу Ахматханов Iела, 2001-чу шарахь Гуьмсехь лелхийтарш дина аьлла чувоьллинчу Ахматханова Хизиран жимах волу ваша.
Полицин цхьа белхахо вийна, кхаа полисхочунна а, цхьана зудчунна а чевнаш йина Нохчийчохь, хаам бина Интерфаксо.
Интерфаксан хьастано дийцарехь тIелатарш дина Соьлж-ГIалахь а, Шелан кIоштахь. Карарчу хенахь Iедалша тIечIагIдина ду Шелахь хилларг.
Цул сов, оццу сайто дийцарехь, Шелан полицин декъан керта вала гIоьртина ши стаг вийна цигарчу белхахоша. Дуьйцуш ду цу шинан карахь арсаш хилла бохуш.
Кавказ.Реалиино дийцарехь, Telegram-канало "Paladin_1211" хаам бо Мескер-Эвлана йистехь "Кавказ" федералан некъаца эккхийтар дина бохуш. Цуьнан тIаьхьалонаш муха ю дуьйцуш дац.
Официалан кепара и хаамаш тIечIагIбина бац.