Кадыров-Ахьмад-Хьаьжа вина де даздина Петарбухехь, йоккха топп а кхуссуш (видео)
Цо яздарехь Нохчийчоьнан куьйгалхочунан Кадыров Рамзанан дехарца меттигерчу "Ахамат" клубан декъашхоша йина и церемони. "Фонтанко" билгалдаккхарехь, даздарехь дакъалоцуш бара нохчийн политикаш а, актер Лановой Василий а. Цо кхоьссира йоккха топ.
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вина 1951-чу шарахь Марсхьокху-беттан 23-чу дийнахь. 2004-чу шарахь Соьлж-ГIалахь "Динамо" стадионехь, бомба а иккхина, кхелхаш цуьнан дара 53 шо.