Умаров: Кхиазхошна "профилактика" ю йийриг
ТIаьххьарчу деношкахь Нохчийчохь 200 гергга кхиазхо лаьцна вигина полисхоша аьлла, хаамашкахь информаци яьржира.
Урамашкахь сеца а беш, сахьташкахь цаьрга хеттарш деш, латтабо уьш аьлла яздира "Кавказан узел" агенталло а.
Кхиазхойн тобано полисхошна динчу тIелатарца доьзна ду аьлла, хаамбора хьосташа.