Пенсе воьду хан тIетохарна духьал бу дукхаха болу Оьрсийчуьра бахархой
Товбецан-баттахь бинчу цу тайпачу талламо гайтира, цу реформана реза ца хиларна урамашка арабовла кийча болчу респондентийн терахь кхаа декъах цхьа дакъа а бен цахилар. Ткъа шаьш арадовлар шеконе диллинарш бара 53 процент талламехь дакъалаьцна нах.
"Левада-центран" социологаша иштта къастийна 77% наха пенсе воьду хан тIетохарна дуьхьал кхаж тоcур хилар, нагахь гергарчу кIирандийнахь цу хьокъехь махкахь референдум дIаяьхьча.