ФСБ: Динах лаьцна книга эцале дагадовла муфтиятца
![ФСБ: Динах лаьцна книга эцале дагадовла муфтиятца](https://gdb.rferl.org/03A06CEA-26C6-4AEB-9DBA-D05F5CD4FFB6_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан федералан кхерамазаллин сервисан дозанан Нохчийчуьрчу урхалло сема хила аьлла, кхайкхам бина республикерчу бахархошка динца йоьзна литература оьцуш я сагIийна елларг схьаоьцуш. Къаьсттина иза хьакхалуш ду кхечу пачхьалкхе баханчу, ша аьлча, ХьажцIа баханчу нахах.
Динца йоьзна книжка я кхин йолу материал оьцуш я совгIатана елларг схьаоьцуш дагабовла беза хьаьжой шайн тобанна хьалхаваьллачу муфтиятан векалца, аьлла хьехар дина ФСБ-но.
Цу кепара махка экстремистийн материалаш кхехьар сацо аьтто хир бу аьлла хета Iедалшна.