Дагестанера жаIу-блогер Iабдурахьман
![Дагестанера жаIу-блогер Iабдурахьман](https://gdb.rferl.org/ff37d60a-020d-4b65-b02a-2053bd517a0d_tv_w800_h450.jpg)
Маршо Радион "Карара Зама" ("Настоящее Время") проектан корреспондент хилира Дагестанерчу гIазгIумкийн Кули юьртара жаIу Кадинаев Iабдурахьман волучохь. …Дагестанерчу фермерашлахь-м алссам бу жаIуй, амма бац и саннарш. Цо Инстагремехь лелочу агIонах "Оьрсийчохь цхьаъ бен воцчу жаIун-блогеран агIо" олу интернетхоша, эзарнашкахь бу оцу агIоне "богIу" хьовсархой.