Устрада-гIаларчу вахархочуьнгара 500 грамм героин яьккхина полисхоша
![Устрада-гIаларчу вахархочуьнгара 500 грамм героин яьккхина полисхоша](https://gdb.rferl.org/02BCDD56-CB83-4ABA-A5B6-FE8FF0B8B961_w800_h450.jpg)
Устрада-гIаларчу 53 шо долчу стагера 500 грамм героин яьккхина полисхоша кIирандийнахь.Оперативан информаци а кхаьчна, талламашка арабевллачу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан белхахоша дIалаьцнера и стаг.
Лаьцначо мукIарло дина, кху аьхка ша и героин эцарх а, Оьрсийчоьнан цхьана регионехь юхайохка Iалашо а яра шен аьлла.
Карарчу заманчохь талламаш болийна оцу гIуллакхна гонах.