Дагестанехь беран дакъа карийна хи чохь, хила тарло иза Омарова Калимат
Деллачу жимачу беран чалх чохь йолу тIоьрмиг баьккхина Дагестанехь татолчуьра. Хила тарло иза бутт хьалха Каспийскехь яйначу 8 шо долчу Омарова Калиматан дакъа.
"Къилбаседа Кавказера бакъдерг" хьостано шайн ницкъаллийн структурашкарчу хьосташна тIе а тевжаш хаамбарца, карарчу заманчохь карийначу чалхан экспертиза ю дIахьош.
Хи бухахь еххачу хенахь лаьттина дакъа довза ишта атта дац, дийцарехь. Болчу хаамашца, Омарова Калимат йовчу дийнахь цунна тIехь хиллачу духарх тера ю тIоьрмиг чохь карийна бедарш.
Оцу юкъанна, социалан машанашкахь хаамаш баржийна, татол чохь жимачу шина беран декъий карийна бохуш. Цара дийцарехь, Гезгамашин-баттахь яйна Акбулатова Айзанат хила тарло шолгIаниг. Официалехь цунах информаци хилла яц.
Карладоккху, Товбеца-беттан 29-чохь Каспийскехь, шайна гена йоццучу туькана бепиг эца яхначуьра яйра Омарова Калимат. Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу меттигашкарчу эзарнашкахь наха лийхира йоI.