ЙоI ерна шеконашца лаьцна цуьнан нана
Кху беттан 6-чохь Кизил-юртан кIоштарчу Чонтаул эвлахь йоI ярах хаамбира "Кавказ.Реалии" портало. Ткъа кхозлагIчу дийнахь беран дакъа карийра Хасав-юьртан кIоштарчу Костек эвларчу хийистехь.
ЙоI нанас йийна аьлла, шеконаш кхоллаелла талламчийн, шен йоI ярах цу нанас кеп-кепара дийцарна.
Нанас бехк тIе ца оьцу, полисхой гIуллакхна гонах талламаш дIахьош бу. Иштта толлуш ду ненера психикан хьал а.