ДаIишхошца хилла дагестанхо кхеле хIоттийна
ДаIишхойх дIакхеттачу Дагестанерчу 22 шо долчу Будайханова Викторин гIуллакхан хьокъехь ладегIарш дIахьур ду Москохарчу тIеман кхелехь пIераскандийнахь. Йоьдучу кхеташонехь прокуроро дIакхайкхор ду лаьцначунна догIу таIзар. 20 шаре кхаччалц хан йогIу цунна низамашкахь.
Кхелахошка жимчу зудчо дIахьедина, ша бехкехиларх "тIамтIехь Iарна а, цигахь шозза марехь хиларна а, шен шина а цIийндена юург-мерг латтийна а". Амма ша кхечу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна лоьралла ца дина боху цо.
Талламчийн версица, 2014-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц Будайчиева Шемахь хилла ю. ДаIишхошна юкъахь лелла иза, тобанна чIагIо йина а хилла цо, леринчу курсашкахь дешна, герз кхоса а, лоьлхуьуйтурш лело а Iемина а хилла иза. Стохка Шеман Iедалхойн эскаршна караяхна иза, цара Оьрсийчоьне дIаеллера.
ЙоьIан нанас Будайханова Зиерас чIагIдарехь, Шема дIаяхале, цуьнца Москох Iаш хилла Виктория, гIишлошъяран колледжехь доьшуш, мукъачу хенахь ресторанехь болх а беш.
"Балха тIехь цунна девзинчу зудабераша тIеIаткъам бинера цунна. Цуьнан 18 шо а кхачале, цунна а, шайна а кехаташ а, Туркойчу доьдучу кеманна билеташ а кечдина хиллера цара. 2014-чу шеран бIаьста 18 шо кхечира Викторин, шолгIачу дийнахь Туркойчу дIа а бахна, цигара Шема кхаьчна хиллера уьш", - дийцина "Интерфакс" агенталле Будайханова Зиерас.
Иштта нанас бакъ ца дина, шен йоI акцешкахь, тIеман операцешкахь даIишхошца дакъалоцуш хилла бохург.
Стохка гурахь шен йоIаца Оьрсийчу кхаьчна Будайханова Виктория Соьлжа-ГIала ялийра, цигара ФСБ-н белхахоша лаьцна дIайигира ХIинжа-ГIала, тIаьхьо Москох а.