"Сан вешина (дена, шичина...) йогIуш тоьхна хан"
![](https://gdb.rferl.org/01BE95DE-D3BB-49CC-9E22-AC1B41E2BED7_cx0_cy6_cw0_w800_h450.jpg)
Куьрчаларчу а, гонахарчу а яртийн 14 вахархо набахте хьажор Iаьткъинчу наха Соьлжа-ГIалахь шаьш хIоттор бу баьхна гулам кIирандийнахь ца хIоттийна, ткъа юридикан гIирсашца шайн бакъонаш Iалашъян гIорасиз бисина кегийрхой тIелета полицина, кхидIа летар а бу, аьлла хета "Мемориал" центрна. Оцу хьокъехь шаьшлахь хилла дискусси яржийна интернетехула бакъоларъярхоша.
"Кавказский узел" сайто, WhatsApp-ехула яьржинчу видеона тIе а тевжаш, хаам баржийра, Шеларчу кхело Куьрчалан кIоштарчу а, гонахарчу кхин массех юьртарчу а бахархошна терроризм бехке а еш, 9,5-10,5 шераш тоьхна набахтехь даха, аьлла.
Хиламо дарбинчу наха оццу WhatsApp-ехула мехкан бахархой кхайкхира Соьлж-ГIалахь протестан барамаш гIовтторе. Амма дIадахначу еарийдийнан сарахь мехкан телевизионехула Iедалхоша емалбира кхайкхам баржийна нах. Ишшта, гайтира набахте хьовсийначийн гергарнаш –шайн берашна, вежаршна "йогIуш тоьхна кхело хенаш", элира цара телехьовсархошка.