Кхо стаг вийна Нохчийчохь
Инцидент хилла ГIалгIайчоьнан дозанца. "Силовики" цIе йолчу телеграм-канало бинчу хаамца, Росгвардин эскархоша герз диттина вийнарг ву ГIебартойн-Балкхаройчуьра Хаджиев Анатолий а, ГIалгIайчуьра Алероев Мовсар а, Хантийн-Мансийскера Кочкаров Османджон а.
Цу нахехь герз хилла я ца хилла дуьйцуш дац. Шайна юкъахь дараш дац аьлла, хаам бина ницкъаллин структурийн белхахоша.