Дин сийсаздо сайташ дIакъовлар доьху Нохчийчоьнан прокуратуро
![Дин сийсаздо сайташ дIакъовлар доьху Нохчийчоьнан прокуратуро](https://gdb.rferl.org/3C4CD0FB-71B2-4E67-A5D2-6077A2F0C649_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан прокуратуро Соьлж-ГIалин Ленинан кIоштан суьде кехаташ хьажийна республикерчу интернет-провайдаршка дIакъовла аьлла 18 интернет-сайтана чувала бакъо.
Прокуратуро чIагIдарца, цу сайтийн агIонашна тIехь карийна чулацамо бусалба дин сийсаздо материалаш. Цара адамашна юкъахь хьагI-гамо кхуллур ю аьлла хета прокуратурина.