Бертаза "Ахматан" матче дахийтира шаьш аьлла махкарчу бахархоша
Пачхьалкхан хьукматийн белхахоша а, студенташа а латкъамбина, шаьш цу матче бертаза хьовсийнера аьлла. "Хуьлийла и футболан матч, я цхьа кхин барам, тхуна проблема хуьлий, дIадоьрзу и. Тобанашкахь декъа а делла, рагI хIоттийна лела тхо футболе. Шоьтадийнахь тхан рагI яра. Хан тIехтиллалц цигахь Iен декхаре динера тхо. Матч йолаеллачул тIаьхьа цхьа да ара ца волуьйтура", - дийцина агенталле Соьлжа-ГIаларчу цхьана организацин белхахочо Мовсара.
Экзаменаш дIаяла тIедуьтур дац шу бохуш, кхерамаш туьйсуш хьийсадо шаьш стадионе аьлла, дийцина шахьарарчу доьшийлан студенто Расула.
Ца долхахь балхара дIадохур ду шу бохуш, бертаза доьлху шаьш Iедалхоша хIитточу барамашка аьлла, хьалхо дарединера махкарчу бахархоша.
"Хуьлийла и субботник, я кешнаш цIандеш белхи, я митинг", - аьлла, билгалдоккхуш.