Мераберашна йиттинчу дестечунна гIуда тоьхна
![Мераберашна йиттинчу дестечунна гIуда тоьхна](https://gdb.rferl.org/A7873E90-EE23-4A55-91D7-305C557D59BB_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Сунжа кIоштарчу дарбан цIийне далийначу мераберашна йиттинчу дестечунна административан гIуда тоьхна Iедало. Зудчо дийцарехь, бераша шега лацадогIарна йиттина хилла цо царна.
Кхелан-медицинан талламо къастийна, берашна тIехь гематомаш, кховраш дийлина меттигаш хилар. Кхи даккхий зенаш дина цахилар тидаме а эцна, административан гIуда а тоьхна, йитина зуда бехкзуламан гIуллакх дуьхьал ца доккхуш.
2014-чу шарахь Нохчийчохь шен кхо шо долчу мерайоIна Юсупова Мархина йиттина цуьнан десте Байсултанов Марина набахтехь хан токхуш ю. Исс шо хан кхайкхийра цунна кхело.