Къевлинчу рожехь довхаттар долийна Титиевн
Кху шеран Дечкен-баттахь дуьйнна лаьцна латтош ву Соьлжа-ГIаларчу "Мемориал" декъан куьйгалхо Титиев Аюб. Иза бехкево, баккхийчу барамашкахь марихуна яьккхина цуьнан машенчуьра аьлла. Бакъонашларъярхочо а, цуьнан белхан накъосташа а, гергарчара а бакъво Титиев, цунна дуьхьалдаькхина гIуллакх политикан бух болуш лору цара.