ГIалгIайн парламентан спикер хийцина
Хьалхо "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин декъан делегаташа хенал хьалха дIаяьхьначу конференцехь хьалхатеттинера Яндиевн кандидатура. 106 делегатах 60 кхаж теснера цунна.
Кху деношкахь ГIалгIайчоьнан премьр-министр лаьттина Евлоев Зеламха вара хIинццал парламентан спикеран даржехь.
58 шо ду Яндиевн, шина беран да ву иза.