Къарвала дагахь вац Сенцов
Украинхойн режиссеро баркалла боху шена а, кхиболчу политикан тутмакхашна а са мел гатдечунна. "Кху гIуллакхан йист ялар беркате хир ду аьлла, тешна ву со. Гуттар ма ца лаьтта цхьа хIума, ур-атталла вониг а!", - яздина Сенцовс.
Оьрсийчохь набахтехь даккха 20 шо хан тоьхна украинхойн режиссерна, аннекси йинчу ГIирмехь теракташ дан кечамбеш хилла аьлла, бехкевина. Бехк тIе ца буьту Сенцовс.
Стигалкъекъа-беттан 14-чохь дуьйнна мацаллин протест кхайкхина цо, Оьрсийчоьнан набахтешкара Украинера политикан тутмакхаш маьршабахар тIедожош.