Нохчийчоьнна а, ГIалгIайчоьнна а юкъара посташ дIайохуш ю
Шина республикан дозанаш билгалдахаран гурашкахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедалхоша мехкашна юкъара посташ дIасайохуш ю аьлла, хааме даьккхина "Интерфакс" агенталло.
"ГIалгIайн Аршты, нохчийн Буммат эвлашна юккъехь лаьттина пост йохийна бертан куьйгаш яздинчул тIаьхьа. Иштта дIаяьккхина ГIалгIайчоьнан агIор лаьттина Аки-Юьртара пост а", - аьлла, дийцина агенталле церан хьостано.
Цара чIагIдарца, гергарчу заманчохь гIалгIайн агIор лаьтта кхийолу посташ а йохор йолуш ю.
"Шина къаьмнашна юкъахь доза хир дац. Федералан боккхачу некъа тIехь ерг юьссур ю. Вуьшта шина а республикана юкъахь дехьа-сехьа валарца дуьхьалонаш юьтур яц", - аьлла, хаамбина агенталлан хьостано.
Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а куьйгалхоша кхааридийнахь куьйгаш яздира шина субъектан административан дозанаш къастийначу документна. Документца а догIуш, шина регионо хийцина Теркйистан а, Малгобекан а кIошташкара тIехь нах бехаш боцу латтанаш.
Нохчийчоьнна дIаделла Теркйист кIоштан дакъа а, лаьмнийн, хьаннийн майданийн метиг а. Ткъа ГIалгIайчоьнан долахь йитина Малгобекан кIоштара цунах терра территори.