Теракташ дан араяьлла тоба лаьцна Нидерландашкахь
Цхьа могIа теракташ дан араяьлла тоба лаьцна полицино Нидерландашкахь, хаамбо Associated Press хьастано. Аргем а, Верт а гIаланашкахь дIаяьхьнера лерина операци. Лецначаьргара дIаяьхна гранаташ, АК47 автоматаш а, бомбанаш ен гIирс а. Шеконашца лецначех кхоъ хьалхо жоьпе озийнера даIишхошкахьа тIемаш бан дехьавала гIортарна.
Тобан хьалханча ву аьлла бехкевинчу 34 шо долчу Иракъера схьаваьллачу вахархочунна стохка кхел йинера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанах дIакхета гIортарна.
Нидерландийн кхерамзаллийн ницкъийн векалша дIахьедина, уьш лецна латтош белахь а, пачхьалкхехь теракташ хиларан кхерам лаьтташ бу аьлла.