Нобелан совгIат лучарна юкъахь ву Iамеркан президент Трамп
Ишта, букмекерийн зерашца, Нобелан совгIатна юкъавахийта алсам шансаш ю шина Корейн пачхьалкхийн куьйгалхойн: Ые Ким Ченан а, Къилбехьарчу лидеран Ин Мун Чжэн а. Кху шарахь масийттазза цушиннан хилла цхьанакхетарш бахьана долуш, Корейн ахгIайритIехь ира лаьттина хьал дIа малделира.
Нобелан совгIатна хьалхатеттина ву 2018-чу шарахь 300 кандидат. Reuters агенталло билгалдаккхарехь, бу царлахь "Новая газетан" коллектив а, "Мемориал" бакъонашларъяран организаци а.
Полшин хиллачу президенто Валенса Леха а, Украинан Лакхарчу Радас а билгалваьккхина Оьрсийчоьнан набахтера политикан тутмакх Сенцов Олег, цунна Нобелан совгIат догIу аьлла.
Кхечу кандидаташлахь бу Меркел Ангела а, Риман папа Франциск а, ООН-ан мухIажирийн гIуллакхашкахула волу лакхара комиссар Гранди Филиппо а.
КарабогIучу баттахь Норвегин коьртачу шахьарехь цIераш йохур ю кху шарахь Нобелан совгIат кхаьчначийн цIераш.