Евкуровн хьехамча: Iаткъам ловш бу гIалгIайн депутаташ
Магасера митинг вовшахтоьхначу наха доьхург ду депутаташ шайна тIе бахкар.
"Депутаташна Iаткъам бора цара кхаж тасале кIира хьалха дуьйна. Оьшшучул ахча лора депутаташа шайн декхарш охьадахкахь, доьзалшкахула уьш кхеро гIертара, гергарчаьргахула. ХIинца а бу царна Iаткъам беш, куьг таIаде шаьш кхаж тесна ца хиларх лаьцна бохуш", - дийцина Перехриста РИА Новости агенталле.
Карарчу хенахь Магасера Iедал дIатарделла куп къевлина ю полисхоша. ДIачIаьгIна бу гIала богIу коьрта трасса. Магасе йоьгIу транспорт дIахьажош ю кхечу некъахула. Вуштта гIалара хьал тийна хиларх лаьцна, хаам бо РИА Новости агенталло.